Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дІалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цІа, Ярушалаймах саьлнаш йина дІахІиттийна цара. КІеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хІинца тхан мостагІаша хьаьшира Хьан деза цІа. Цо соьга элира: «Адаман кІант! Къилбаседехьа дІахьажа». Со къилбаседехьа дІахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агІор сагІа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цІу вара. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гІуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чІогІа дегазниг а гур ду». Цул тІаьхьа Цо со цу кертан чувогІийла йолчу схьавалийра, ткъа суна пенах даьккхина Іуьрг гира. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Пен ахка». Со и пен ахка волавелира. Суна цхьа неІ гира. Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хІуманашка хьажа». Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. И де тІекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тІулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гІиртинчо шена чІогІа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гІалина дуьхьалдевр ду. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц».
Выбор основного перевода