Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малх чубузучу хенахь Ибрамна чІогІа наб кхийтира. ГІенах инзаре кхерам бахьаш бода хІоьттира цунна гонах. Иштта боху Хьалдолчу Эло хІокху даьІахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тІаккха шу денлур ю. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Цо Суна тІе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТІаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагІевттира. Уьш доккха эскар хиллал чІогІа дукха бара.
Выбор основного перевода