Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таІзарш деш, мисархой хІаллакбина яьссачу аренгахь. ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь.
Выбор основного перевода