Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Ла а догІа, Якъубан цІийне дІахьедар а де», – боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло. Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг». Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш. Цара Далла гІуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Іахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гІуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь! ТІаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна. СагІа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХІаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама. Цундела цхьана дийнахь богІур бу цунна тІе цуьнан баланаш: ялар а, гІайгІане хилар а, мацалла а. И гІала цІергахь йогур ю, хІунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела». Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гІовгІанах я чІогІачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода