Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа со Делан цІа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву, ерриг а тІейогІучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву. Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тІехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хІинца, доккхачу дарцан гІовгІанца, Аса цунна цІе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац. Цо соьга хаьттира: «ХІун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тІехула зайтдаьттанна дІахІоттийна кад а, цунна тІехь болу ворхІ къуьда а, цунна тІехь болчу къуьданийн ворхІ-ворхІ милт чухІотто меттиг а. Стогарна уллохь ши зайт-дитт а ду, цхьаъ кедана аьтто агІор, ткъа важа цуьнан аьрру агІор».
Выбор основного перевода