Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн эмгараллица, Сайн дераллин цІерца Ас чІагІо йо, оцу дийнахь Исраил-махкахь чІогІа мохк бегор бу аьлла. Дуьнен чохь дийна мел долу хІума Суна хьалха кхерарна дегош хир ду: хІорда чохь долу чІерий, стигалахь долу олхазарш, аренгахь лелаш йолу акхарой, лаьттахула текхаш мел йолу хІума, иштта лаьтта тІера хІора стаг а. Лаьмнаш охьакхиссина хир ду, баххьийн йистош охьаэгар ю, дерриг а пенаш лаьтта охьаэгар ду. ТІаккха, буса дуьхьал сурт а хІоьттина, дІаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала: Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гІуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кІайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хІунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХІунда аьлча Цо кхел ен хан тІекхаьчна. Стигал а, латта а, хІорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Іамал елаш». Шайн лазарш а, даьІнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гІуллакхех дІа ца боьрзура уьш. ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра.
Выбор основного перевода