Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан арадовларх даккхийдеш дара Мисар-махкара халкъ, исраилхойх болу кхерам царна тесна болу дела. Цундела ярташкахь Іаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгІа де, чІогІа самукъане де дина, дІахІоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгІаташ деш а хилла. И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хІунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагІех паргІатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дІахІоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дІахІоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгІаташ дала а, гІийлачарна сагІина хІума яла а дезара. Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.
Выбор основного перевода