Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тІулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речІа а, гур а хир бу. Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тІулг, ломах ша дІакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тІе а боьжна, уьш бохийра цо. ТІаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цІаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цІу вохийна болчу тІулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. ХІунда аьлча и тІулг, хьуна ма-гарра, лам тІера дІакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тІулго, цу суьртана тІе а керчина, эчиг а, цІаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дІадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гІан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьІна а». Ткъа хІунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гІуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тІулгах» тасабелира уьш, Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета,
Выбор основного перевода