Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхІу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагІчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш. Делахь а, хІуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хІунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац. Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар». И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх». Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хІоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хІумане ладогІалаш.
Выбор основного перевода