Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, Закри-ЯхІуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цІийнан кертахь цунна тІе тІулгаш кхиссира. ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Іелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жІарах дІатуху, вуьш, шун гуламан цІенош чохь етташ, цхьана гІалара вукху гІала лоьхкуш лелабо. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. Кхечара сийсаздар а, еттар а, буржалш а, набахти а лайна шайна тІехь. Царна тІулгаш а кхуьссура, уьш херхашца хеда а бора, таррашца байа а бойура. Чудаха цІа а доцуш, уьстагІийн а, гезарийн а кхекхий а хьерчийна, лелла уьш, халонаш а, баланаш а, наха шайна беш болу ницкъ а ловш.
Выбор основного перевода