Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а аренгарчу дитташна дІахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дІахІоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса». «Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дІадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тІехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна. ТІаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагІа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тІе. Охьа а тохий, дІадаккха хІара, кхуьнга эрна меттиг дІа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла. Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХІусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хІара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара. ХІун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тІе? Ткъа ца латадахь, и дитт дІадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла». Ткъа баьІаш а, къух а бен шена тІехь ца кхуьу латта Дала неІалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цІаро дагор ду.
Выбор основного перевода