ХІарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хІуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тІеэцна хилла дела.
Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура.
хІунда аьлча ХІарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугІура ХІарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь.