Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса, Ярушалайме а веана, Делан цІийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дІаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХІине вахара. Бет-ХІина олучу юьртахь Іаш вара, ЛаІзар цІе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чІогІа цомгуш вара. И Бет-ХІина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг. Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тІе хаза хьожа йогІу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаІзар вара. Цундела Іийсас Ша яхІудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дІа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Іийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца. Иштта, Пасахьан деза де тІекхача ялх де дисича, Бет-ХІина олучу гІала веара Іийса. Іийсас веллачуьра денвина волу ЛаІзар а вара цигахь вехаш. Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Іийсана. Марта а яра гІуллакхаш деш. И ЛаІзар а вара Іийсаца пхьор дуучаьрца. ТІаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Іийсан когаш тІе доьттира. Цул тІаьхьа шен коьртара месашца Іийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цІа хаза хьожа йогІучу даьттанан хьожанах дуьзира. ТІаккха Іийсан мурдех цхьаммо, ЯхІуд-Искархочо, тІаьхьа Іийсана ямартло ен волчо, элира: «И деза даьтта кхо бІе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дІа хІунда ца дийкъира вай?» И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Іалашдеш лелош болу тІоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хІума схьаоьцура цо шена. ТІаккха Іийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дІавуллун волчу денна Іалашдина хилла цо и даьтта. ХІунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».
Выбор основного перевода