Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас. ГІишло ечу пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь, коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду. Іийса – Иза, „гІишлошъечу пхьераша дІа а кхоьссина, сонан йисте дІахІоьттина болу тІулг“ бу. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина». Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.
Выбор основного перевода