Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю. Дала Шен Олалле кхача лиънарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“» ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду.
Выбор основного перевода