Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тІаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама». динан коьрта дай бара Іанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кІанте Яхьъяга Делера хаам хилира. Амма парушхошна а, Іеламчу нахана а, Делан лаам тІе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира. Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цІе Яхьъя яра. Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цІе йолчу тайпанан, Делан цІа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла. Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тІера юха а ца волуш, ма-дарра дІа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац». Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхІу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс. ТІаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тІе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хІун олу ахь?» Яхьъяс жоп делира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“». Ткъа Яхьъяна тІебахкийтинарш парушхойх бара. ТІаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхІу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хІунда боху ахь?» Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». И дара Йордан-хин дехьа агІор йолчу Бет-ХІина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь. Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“.
Выбор основного перевода