Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цІийнан керта воьдуш. Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цІе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьІап волу цхьа стаг. Иза хІора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цІийнан керта богІучу нахе цуьнга сагІа дехийтархьама. Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагІа дийхира заьІапчу стага. ХІара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!» И стаг дІахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна. ТІаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Іийсан дуьхьа, хьала а гІаттий, дІаволало!» Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагІаттийра и стаг. ЦІеххьана заьІапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чІагІъелира. Иза, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. ДІаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цІийнан керта вахара иза. Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогІуш. «Исбаьхьчу» кевнехь сагІадоьхуш Іийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.
Выбор основного перевода