Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». «ДІахоуьйла шуна, Дала кІелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду».
Выбор основного перевода