Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа зама тІекхаьчча, Яхьъя ЯхІуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира. «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. Яхьъях лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!» Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тІаргІанах йина бедарш а лелайора, гІодаюккъе шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хІуманах цо билгалдаьккхинарг цІоз а, акха моз а дара. Дукха адам догІура цунна тІе: Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга. Шена тІеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: шена тІе пайден болу стом латош доцу хІора дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу. Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». Галилай-махкара Йордан-хи тІе веара Іийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. Иза сацо гІоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тІе?» Іийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира. Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!» Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТІебаьхкинарш вовше барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. Ял йоккхуш берш а богІура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хІун дан деза?» «Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга. Яхьъяга ладугІуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тІехь, Делан лаам тІе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира. Амма парушхошна а, Іеламчу нахана а, Делан лаам тІе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира.
Выбор основного перевода