Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гІалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тІехь дІахІуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогІица. Ах лам къилбаседехьа дІабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дІабер бу. Ацала кхаччалц дІаяьржина йолчу оцу Сан тогІенехула дІадовдур ду шу, яхІудхойн паччахь хиллачу Іузи-ЯхІун деношкахь мохк бегийча шун дай дІабевдда ма-хиллара. ТІаккха сан Веза Дела схьавогІур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а. И де тІекхаьчча, серло а, шело а, йис а хир яц. И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац.
Выбор основного перевода