Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». Цу деношкахь суна иштта гира, яхІудхоша шайна ашдодхойх а, Іамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар. Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тІаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхІудан халкъана гира. Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дІахердина. Амма Суна гира, и массо а хІума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ а, дІа а дахана, кхахьпа санна лелара. Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушца лелаш.
Выбор основного перевода