Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а». ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. ТІаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхІуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Іамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхІуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай». Цара Іамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цІенаниг боьхачух схьакъасто а. ТІаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хІара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ – боху Везачу Эло». Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх дийраш санна тІеэца деза тхо хІораммо а. Тхо Дала леррина Къобалвинчун цІарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!»
Выбор основного перевода