Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чІогІа доккха къа латийнера, хІунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагІа даккхарх ца вешийла гойтура. Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цІушна сагІанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дІакхоьхьуш долчу некъаш тІехь. Шайн дайн ширачу некъаш тІера дІабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тІе бовлархьама. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. Шайн дай баьхначу заманахь дуьйна Сан парзаш тІера дІадирзина шу, аша уьш лар ца дина. Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Амма аша хотту: „Муха тІедерза тхо?“ – олий.
Выбор основного перевода