Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!» Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета! «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. «Шун дешнаш Суна хьалха кІоршаме ду, – боху Везачу Эло. – Амма аша хаттар до: „ХІун аьлла оха Хьуна дуьхьал?“ – бохуш. Аша элира: „Далла гІуллакх дар эрна ду. ХІун пайда бу Цо тІедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран? Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Іаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“». цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогІур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хІума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».
Выбор основного перевода