Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
СтаргІин жижиг а, неІ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагІа ду. Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цІинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а – дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу. ХІуш хІаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧІоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела. Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш аша дахахь а, Аса тІеоьцур дац уьш. Со дІахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагІане. Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гІовгІа, хІунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугІур дац. Ас боьха дерш тІекхуьйсур ду хьуна, хьох Сан дог мел далар а гойтуш, Ас нах кхардийта дІахІоттор ю хьо.
Выбор основного перевода