Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дІавирзинчу дийнахь! Цул гІолехь хир дара, сагІа доккхучу Сан кхерчана тІехь эрна цІе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цІийнан неІарш дІакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац. Цу тІе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кІордийна-кх хІара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагІа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагІина деача, резахиларца шун карара уьш тІеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. – Ярми-ЯхІу, оцу нехан дуьхьа доІанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хІумма а ма деха, хІунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дІахезар дац». Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш аша дахахь а, Аса тІеоьцур дац уьш. Со дІахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагІане.
Выбор основного перевода