Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тІулг левихошна дІабелла, Хьан Урим-тІулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера. Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Іалаш а бина. Цара Хьан тІедехкинарш Якъубан тІаьхьенна Іамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Іамабо. Хаза хьожа йогІу хІума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагІа доккхучу кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш доху. Уьш Сан стигаларчу гуламехь хиллехьара, цара Сан дешнаш Сан халкъе дІакхачийна а хир дара, цара и халкъ шен вочу некъа тІера юьстахдалийтина а хир дара, зуламе гІуллакхаш дечуьра сацийна а хир дара. Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тІе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а. Веза Эла оцу гІалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХІора Іуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хІун ду ца хаьа. цунна дІахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кІелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дІа а къовлур ду. Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц.
Выбор основного перевода