Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
«Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де. «Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кІентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву. Цундела ахьа Пайнехьасе дІахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш». Дагахь латтабе уьш, сан Дела! Динан дайн дарж а, Ахьа динан дайшца а, левихошца а бина барт а ма бехбина цара!
Выбор основного перевода