Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
«КІанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догІу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богІу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цІе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цІе?“ ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тІера дІадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода