Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду. Нахаца ма лела. Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза. Хьовсал шайн дега ИбрахІиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тІекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тІаьхье дебийтира. «Адаман кІант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тІехь Іаш болчара боху: „ИбрахІим ша цхьаъ вара Дала цунна хІара латта дІалучу хенахь. Ткъа хІинца тхо дуккха а ду, цундела хІара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“. Іийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.
Выбор основного перевода