Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даІ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегІа тІехула дІаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІахоуьйтур ду. ДегІа тІехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тІаккха иза цІена хир ву. Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу.
Выбор основного перевода