Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Іийсана хьалха гора а хІоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». «ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». ДІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Іийсана тІе. Іийсана хьалха гора а воьжна, шена гІо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Цкъа цхьана гІалахь вара Іийса. Оцу гІалахь вехаш вара цхьа стаг, дІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Іийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла. Юха Іийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хІумма а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Уьш гиначу Іийсас элира: «Даха а гІой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла. Цомгуш нах, дІабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цІинбелира.
Выбор основного перевода