Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ша сагІина лерина хІума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кІен сагІа а дан деза: хІинан доьалгІа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархІ кад тоьлла кІен дама. «ХІокху хІуманах лаьцна цхьаьнгге ма дийцалахь. Ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, тІаккха Далла лерина сагІина хІума ло, Муса-пайхамаро вайна тІе-ма-диллара. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». Юха Іийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хІумма а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
Выбор основного перевода