Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха цуьнан цІий чохь долчу кеда чу кІедачу ярийн курс а Іоттий, шайн неІаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала. Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу Іуттур ду динан дас. И цІа цІандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас. Баганан дечиг а, ярийн курс а, цІен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу а Іоьттина, цІенна тІе ворхІазза цинцаш тухур ду динан дас. Олхазаран цІийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цІечу тайца а цІа цІандийр ду цо. Цул тІаьхьа динан дас, баганан дечиг а, ярийн курс а, цІен тай а схьа а эцна, и ерриг а хІума етт багочу цІерга кхосса еза. Товрат-хьехам тІера парзаш дерриг а халкъана хьалха дІа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цІий а, цІен тІаргІа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тІе цинцаш туьйхира Мусас.
Выбор основного перевода