Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. Цхьа Іахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гІуда такхаран сагІа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагІа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду.
Выбор основного перевода