Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“». БорхІалгІачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неІаре а веана, ши олхазар динан дега дІадала деза цо. Цхьана олхазарх къинан сагІа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагІа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду.
Выбор основного перевода