Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дилла. ТІаккха цаьрга и хІуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайийта. Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. И ши кхокха динан дега дІабала беза. Цо къинан сагІина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац. Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гІуда такхаран сагІина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала а гечдийр ду цунна. Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
Выбор основного перевода