Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий, цхьажимма схьа а эцна, цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а хьокхур ду динан дас. Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Іоьттина, аьтту куьйган пІелгаца ворхІазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дІакхуьссур ду динан дас. Куьйга тІехь дисна даьтта цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелга тІе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий хьаькхна ю. Кераюккъехь дисна даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, тІаккха и стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас.
Выбор основного перевода