Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. Стаг цІанвеш волчу динан дас цо деанчу совгІаташца гуламан четаран неІ йолчохь Везачу Элана хьалха хІоттор ву иза. Цхьа Іахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гІуда такхаран сагІа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагІа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду.
Выбор основного перевода