Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. Стага Везачу Элана хьалха, сагІа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агІор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тІаьхьа АхІаронан кІенташа, динан дайша, цу дийнатан цІий тоха деза кхерчан массо а агІор. КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. Божан коьрта тІе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагІина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагІа ду. Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Къинах долу сагІа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагІа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза. Цу сагІин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цІий тІе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цІанъян еза уьш. Кхийрачу пхьегІи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегІа йохо еза. ЦІестан пхьегІи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегІа цІан а йина, йила еза. Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дІадахархьама, къинах долчу сагІин цІий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагІа даа мегар дац. Иза цІера тІехь даго деза». Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагІа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧІогІа деза сагІа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза.
Выбор основного перевода