Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна шен уьстагІ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гІуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагІина, ткъа важа дагоран сагІа санна. Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархІ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогІу хІума а ма тоха, хІунда аьлча иза къинан сагІа ду. Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“». Цхьа Іахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гІуда такхаран сагІа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагІа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду.
Выбор основного перевода