Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха цамгарх цІанвечу стагана тІе ворхІазза цІийн тІадамаш тухур ду цо. Цул тІаьхьа, стаг Далла хьалха цІена ву аьлла дІа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дІахоьцур ду динан дас. Къинан сагІа а даьккхина, цамгарх товина стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тІаьхьа дийнаташ дагоран сагІина дийнат дуьйр ду цо. Дийнат а, кІен сагІа а кхерча тІе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цІанваран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха и стаг Далла хьалха цІена хир ву.
Выбор основного перевода