Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Элана Іамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца! Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». ТІаккха, хІун ала вай? Къинош а летош Іей те вай, Делера долу доккха дика кхин а алсамдалийтархьама? стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. Дашца я гІуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Іийсан цІарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.
Выбор основного перевода