Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац. ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу. «Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду. Дика дан кІад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тІейогІур ю и хан, ваьш динчу гІуллакхийн кхиамаш вайна карош. ЦкъаццІа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дІахІиттош хилла. ЦкъаццІа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу.
Выбор основного перевода