Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Веза Эла, Хьо, СеІирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогІучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тІадамаш ледош яра, мархаш догІа Іенош яра. Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалхā, Исраилан халкъан Далла хьалхā.
Выбор основного перевода