Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ткъа вайна тІехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таІзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. Мелхо а, шаьш а цІена хила, шайн лелар а цІена хилийта, шаьш ТІекхайкхинарг цІена ма-хиллара. Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву». Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгІаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.
Выбор основного перевода