Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тІехулара дикка цІандо, амма чухулара уьш бІаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хІуманах дуьзна ду. Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Іийса ву. Цунах гуш ду Іийса тоьллачу бертан закъалт хилар. Кхечу динан дайшка деллачул а Іийсага делла динан гІуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гІолехь бу, иза тоьллачу чІагІонашна тІехІоттийна болу дела.
Выбор основного перевода