Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг, Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Іамош верг. Сан кІант, Везачу Эло хьо нисвар дІа ма татта, Цо хьайна дечу таІзарна аьрзнаш а ма де, хІунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кІант нисваре терра. Ша Делан КІант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Іемина Иза Далла муьтІахь хила. Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. Сайна везарг, метта а валош, таІзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тІедерза!
Выбор основного перевода