Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тІаьхьа, шу, чІогІа баланаш а лайна, чекхдевлира. ЦкъаццІа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дІахІиттош хилла. ЦкъаццІа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу. Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла.
Выбор основного перевода