Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц. ХІунда аьлча шуна лерина йолу Сан ойланаш Суна бен ца хаьа, – боху Везачу Эло. – И Сан ойланаш шуна аьттонна ю, шуна вонна яц, сатийсамах дуьзна долу хиндерг шуна дІадала лерина ю уьш. Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХІунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.
Выбор основного перевода